Къоман гвардис а накъосталла дийр ду некъан боламан бакъонаш талхорца къийсам латторехь

Пачхьалкхан автоинспекцина гӀо-накъосталла деш Къоман гварди а хир йу.

Некъан боламан бакъонаш талхорца къийсам латторан гурашкахь болх хир бу иза.

Цунна лерина кхеташо дӀайаьхьна Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллехь.

Цигахь йийцаре йина цхьаьнагӀуллакхашдаран агӀонаш, Ӏедалан белхахоша а, бӀаьхоша а некъан боламан бакъонаш талхорца къийсам латтор, и.д.кх.а.

Цул сов, и болх шен тергонехь латтош республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хиларе терра, цуьнца доьзначу гӀуллакхашна тӀе леррина тидам бахийтина хилар а хаийтина кхеташонехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: