Махкарчу банкийн декъехь харц-ахчанаш карор лахделла

Нохчийн Республикин банкийн декъехь харц-ахча 3-зза бен карийна дац 2023-чу шеран хьалхарчу эхашарахь.

Кхузза а карийнарг 5 эзар ₽-н банкнота йу.

2022-чу шеран оццу муьрехь 14-зза карийнера харц-ахча.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Къоман банко (Россин Банкан дакъа).

Цул сов, харц-ахча къасторан билгалонаш Россин Банкан сайта тӀехь а, «Банкноты Банка России» приложени чохь а йовзийтина хиларна тӀе тидам а бахийтина цуьнан векалша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: