
Устрада-ГӀалин №1 йолчу дарбанцӀа медицинин керла гӀирсаш кхаьчна — керла 3 анализатор: 1️⃣биохимин автоматикин ДДС-240 анализатор; 2️⃣гематологин Swelab Alfa RFID анализатор; 3️⃣URiСКАН-про анализатор.
Цул сов, хирургин дéкъана лапароскопин операцийн гӀортор а эцна, шеца цхьаьна электрохирургин ЭХВЧ-350 аппарат а йолуш.
Иштта, керла КТГ (кардиотограф) а эцна.
И берриге а гӀирсаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах эцна хилар хаийтина Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствос.