ХӀинца дуьйна доттагӀ-гӀала хир йу Соьлжа-ГӀала а, Мариуполь а

Соьлжа-ГӀала а, Мариуполь а доттагӀ-гӀала хир йу хӀинца дуьйна.

Оцу хьокъехь болу барт тӀеэцна Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада а, Мариуполан администрацин куьйгалхочо Моргун Олега а.

Цуьнца а догӀуш, дешаран, могашалла Ӏалашйаран, культурин, спортан, социальни кхерамзаллин дáкъошкара йукъаметтигаш чӀагӀйан лерина ши гӀала.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, вайн мехкан Ӏедалан векалш Донецкан Халкъан Республике бахана хилар билгалдоккху.

Республикин пачхьенан мэр Кадыров Хас-Мохьмад а ву церан могӀарехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: