
Соьлжа-ГӀаларчу Шайх Мансуран кӀоштахь йеш йу пансионат.
230 меттигна лерина а йолуш, тӀеман а, къинхьегаман а ветеранийн хьашташ кхочушдаран комплекс хир йу иза.
Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисйаран, социальни кхиоран министра Баширов Ӏусмана бина оцу хьокъехь хаам.
Цо билгал ма-даккхара, иза йеш йу «Демография» къоман проектан гурашкахь.
Медицинин а, психологин а, социальни а, садаӀаран а хьашташ кхочушдан йиш хир цигахь тӀеман а, къинхьегаман а ветеранийн.
Церан могӀарехь хир бу тӀеман лерринчу операцин (СВО) дакъалацархой а.
Пансионатан болх дӀаболийча, Баширов Ӏусмана тӀе тидам ма-бахийттара, 200 сов стаг балха а оьцур ву цига.