ХӀинжа-ГӀалахь лазийнчарна — нохчийн бӀаьхойн цӀий

Дагестанерчу ХӀинжа-ГӀалахь сийсара хиллачу бохамехь лазийнчарна цӀий оьшуш хилар тидаме а оьцуш, Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин белхахоша дакъалаьцна цӀий дӀадаларна леринчу «ГӀоьнан куьг кховдаде» акцехь.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, бӀаьхоша цӀий дӀадаларан болх лоьрийн тергонехь дӀабаьхьна бу.

Иштта, оццу лоьраша а, ша Нохчийн Республикин Мехк-Дас а баркалла аьлла гӀоьналлин акцехь дакъалаьцначу вайн бӀаьхошна.

Кадыров Рамзана тӀе тидам ма-бахийттара, Даймахкана а, халкъана а оьшшучу хӀуманна тӀехь накъосталла дан нохчийн бӀаьхой кийча хиларан тоьшалла ду иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: