
Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад Россин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон инарла-майор ву хӀинца дуьйна.
Указ тӀе а оьцуш, иштта сацам бина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам а беш, Даудов Мохьмад декъалвина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, и хилам доккха дозалла а, боккха йуьхькӀам а бу.
Иштта, Парламентехь жигара къахьоьгуш а волуш, дика накъост а, воккха говзанча а Даудов Мохьмад хиларна тӀе тидам бахийтарал сов, тӀеман лерринчу операцица боьзна болх а цо дӀабахьар довзийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
«Хож-Ахьмадан Мохьмадан кхидӀа а кхиамаш, ирс, ондда могашалла, беркат, Даймехкан дуьхьа къахьегарехь аьтто хуьлийла лаьа суна даггара«, — йаздина Кадыров Рамзана.