ДӀайаьхьна «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн мотт а» аьлла йолу горга стол

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 72 шо кхочуш хиларна тIе а доьгIна, Нохчийн меттан шарца а доьзна, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан тIедилларца «Даймохк» газетан коллективо, Нохчийн Республикин Йукъараллин палатица цхьаьна, Зорбанан цIийнехь дӀайаьхьна «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн мотт а» цIе йолу горга стол.

Цигахь дакъалоцуш бара гIарабевлла журналисташ, йукъараллин гIуллакххой.

Вайн мотт а, вайн халкъ а хIаллакьхиларх кIелхьардаккхарехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьегна къа билгалдаьккхира цара.

Цул сов, республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 2023-гӀа шо Нохчийн меттан шо дӀакхайкхор хьесапе а эцна, вайн доьзалшкахь буьйцу коьрта мотт нохчийн а хилла дӀахӀоттийтарх, оцу гIуллакхах вайн къоман синкхетамна хир болчу пайданах лаьцна а дийцира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: