Спортан ишколашна дешаран гӀуллакхаш кхочушдан бакъонаш йаларан болх дӀабирзина

Спортан ишколашна дешаран гӀуллакхаш кхочушдан бакъонаш йаларан болх дӀабирзина Нохчийчохь.

Вайн махкаца цхьаьна и болх чекхбаьккхина Россин 4 регион а йу: Воронежан, Калугин, Курганан, Сахалинан областаш.

Россин вице-премьеран Д.Чернышенкон доклада тӀехь билгалдаьккхина иза.

Дешаран гӀуллакхаш кхочушдан бакъонаш спортан ишколашна йалар федерацин законашкахь хийцамаш барца доьзна ду.

Цаьрца а догӀуш, тренерш хӀинца педагогикин белхалой ларалуш бу, спортан ишколаш «Спорт» ПХС-на тӀетосуш йу, спортхошна кхин а бегӀийла хьелаш кхуллуш ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: