
«АХМАТ» спецназан БПЛА-н тобано тӀехдика жамӀаш гойту Донецкан Халкъан Республикерчу Клещеевка а, Андреевка а шахьарийн гуонахарчу аренашкахь.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, БПЛА-н операторша болх дика баро артиллерин болх а кхиаме бо.
Масала, шайн могӀарехь Ӏамаркера «Брэдли» машенаш а йолуш, украинхойн 12 БМП хӀаллакйина.
Цул сов, нохчийн Мехк-Дас тӀе тидам ма-бахийттара, 2 танк а эккхийтина, дуккха а салтий а хӀаллакбина цара.