Шен сурсаташ Беларусехь дохкар кхин а алсамдоккхур ду «Нохчийн минералийн хиш» (НМХ) компанис.
Иштта барт а хуьлуш, оцу махкаца II-гӀа контракт йазйина цо.
«Экспорт кхиоран акселератор» программехь дакъалацар бахьана а долуш, сурсаташ эцархой лахаран керла агӀонаш карайерзийна оха», — билгалдаьккхина НМХ-н Коьртачу директора Дергизов Ӏалихана.