
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь шайн лаамехь дакъалаца луурш гулбаран болх жигара дӀахьош бу Нохчийчохь.
Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь масех эзар кечвинчу бӀаьхочо шайгара хьуьнарш гайтина и операци дӀайахьарехь.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах эцна тоьлла барзакъаш ло царна.
Йовхо а, шело а луш болу гӀирсаш болчу четарш чохь Ӏа уьш. Иштта, дийнахь кхузза йаахӀума а, садаӀаран хан а ло царна.
Ӏаморан муьрехь цаьрца болх бо Россин спецназан тоьллачу говзанчаша.
ХӀокху дакъошкахь дӀахьо Ӏамораш:
➜тактикин кечам;
➜герзан кечам;
➜арарчу медицинин кечам;
➜топографин кечам;
➜снайпинган кечам;
➜гранатомет тохаран кечам.
Цул сов, Россин Федерацин гӀаролан министерствоца контракт а йазйо.
ДӀайазвала луург йа Соьлжа-ГӀалин мэрин векалшна тӀекхача веза, йа хӀокху лоьмаршца мессенджерашкахь зӀене вала веза:
➜+79256617777;
➜+79253197777;
➜+79253287777.
ДАЙМОХК ХЬОЬГА ХЬОЬЖУШ БУ!