
ТӀеман лерринчу операцехь кхелхинчу нохчийн бӀаьхойн доьзалийн ахча дала дезаш дац коммунальни хьаштех.
Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисйаран а, социальни кхиоран а министра Баширов Ӏусмана бина оцу хьокъехь хаам.
Цуьнца а догӀуш, буьйцучу доьзалша коммунальни хьаштех дӀалуш долу ахча Ӏедало 100%-н барамехь йухадерзор долуш ду царна.
Оцу проектана оьшуш долу ахча республикин бюджетера билгалдаьккхина.
И мехала проект Нохчийн Республикехь бен кхочушйеш йац.