Чекхбевлла тIемаш

(К.Ибрагимовн романан дакъа) 

 Вешина вицлур ву, хаза йоI карийча,

  Йишина вицлур ву, хаза кIант карийча,

  Дуьненан гIайгIано вицвийр ву дадина,

 Хьайн ненан дагахь хьо, вехар ву даима.        

  (Нохчийн шира илли)

 

Март бутт, 1995-гIа шо.

Нохчийчоь.

Дуц-Хоти – лаьмнашкара жима юрт.

Чекхйолуш ю морса еха буьйса. Дерриге а боданехь, шекъанан басахьчу дахкарлахь  ду. Тешаме йоцу бIарлагIийн тийналла хьаьрчина ширачу юьртах. Зингатийн тIуьйлигах сийсачу ков-керташкахь дIасауьду адамаш. Боьлху зударий, бераш. Божарий сихаллехь, йишхаьддачу аьзнашца, собаре кхойкху. Доьхначу адамийн бIаьргаш сингаттамах, кхерамах дузар къаьста сахуьлучу боданехь… ТIом… Дуц-Хотин бахархой сихбелла шайн хьоме хIусамаш дIатаса. ХIара ирча буьйса тIеяллалц, лекхачу лаьмнашкахь Iуьллучу  шайн юьрта, хIаллакьхиларан къемата кхочур дац аьлла, хетара царна. Амма цунах дог дилла дийзи.

ТIекхечира Дуц-Хотин рагI. Хьалхарчу суьйранна деа кемано юьрта йистошка шишша бомба кхоьссира. Цхьаьннан буьрсачу эккхаро дIаьвшечу серлонца цIейира Вашандаройн тогIи, боккхачу ницкъаца чIогIа ластийра лаьмнаш, дорцан эккхарх къардина чIож Iадийра… Бомбанийн йилбазмох дIатеза бара, геннара, Нохчийн арара схьа, юьртана тIе яккхий тоьпаш етта йолош. Iожаллин хIоьънийн гаьргаш, лаьмнийн масех дукъ хадош, иттаннаш километраш йохалла цостуш кхочура.

Тоьпаш еттар нийса Iалашо лаьцна дара. Хьалхарчу хIоьънаша Дуц-Хотера уггаре а доккха кхо цIа хIаллакдира, эвла йистера масех цIа дохийра. Цул тIаьхьа урамашка, керташка эга дуьйладелира хIоьънаш. Ларманаш, тоьланаш чу дIалевчкъина адамаш, юьртара арадовлуш дара. Iожаллин марара довла, хIун дан деза ца хууш, бисинера нах. Буьйса юккъе яхча, дIасецна яккхийчу тоьпийн лелхар, буьйсанна ши сахьт долуш юха а дIадоладелира. ХIинца яккхийчу тоьпийн лелхар луларчу хьаннашкара а, Вашандаройн шерачу арара а схьахезара. Буьйсанна кхо сахьт долуш, хIумма а ца хилча санна, сингаттаме тийналла хIоьттира.  Шайна Iожаллех довла лаахь, дайн кхерчаш дIатесна, довда дезарх кхийтира Дуц-Хотера бахархой…

Киралелочу машенашна, тракторшна, ворданашна тIе шайн сал-пал а, даьхни а доьттина, сатасале юьртах бевлира уьш. Царна тIаьхьа, юьхь лаьцна ийзош шайн бахам – цхьаъ бен боцу етт а болуш,  белшаш тIехь а, гехь а цхьацца мохь бохьуш, гIаш богIурш а бара. Бохийначу, гIорийначу хьуьнан новкъахула лаьмнашка, маьршачу Дагестанехьа боьлхура уьш. Шайн хьомечу хIусамашкара, дайх дисинчу лаьттанашкара бовда тIаьхьабиснарш алсам бераш долу доьзалш а, къен бохкурш а бара. Жимма а таро ерш, Нохчийчоьнан коьрта шахьар – Соьлжа-ГIала российски эскарша яьккхича, дIабаханера. Ткъа бехаш берш, кхо-биъ доьзал, тIом бола а балале бевддера. ТIом хир бу-м дикка хьалха а баьхнера, телевизор чухула а кхайкхийнера. Делахь а, Iедал шен нахаца оццул къинхетамза, адамаллех доьхна хир ду бохучух, нах ца тешара. Массеран аьттонаш а бацара, цIа дIатесна, нахана тIехула лела. Хьалха хиллачу масалшца  а, гонахарчу хьелашца а дуьстича,  Дуц-Хотин бустамца бехаш болу дешнарш, революцин хиламийн баьччанийн сийсазаллех кхеттера.

…Сахуьлуш адамех дIацIанъелира жима юрт. Йоллучу а  Дуц-Хотехь ши стаг висира: 90 шо долу воккха стаг Арачаев Цанка а, кхин генара къона воцу Дациев ГIойсам а. Нах махкахбаьхначу хенахь, Казахстанан гIум-арахь винера тIаьххьарниг. Буо висинчу бераллехь, хала лазар текхна, хьаьвзинчохь висинчу цунах, наноша бераш кхерадора, цхьаволчо хIума хууш ву а олура цунна. Мухха  делахь а, юьртахошна къахетара ГIойсамах, цуьнан терго а йора. Хьекъална кIоргера вацахь а, меттара дош аларца нах цецбохура цо. Ала деза, кхолламан кхиэло дерригенах а ца хадийнера иза, алссам гIора, ницкъ бара цуьнгахь. Юьртахоша юург латтош, гергарчарах йисинчу цхьана лаппагIи чохь вехара иза. Даима а хьирчина, ваьлла, боьха хуьлура. Массарна а евзара, бераллехь дуьйна а ца хийцало цуьнан амал. Хьекъална аьрта хиларна, наггахь,  бахьана а доцуш, воьлура, иза меца цахиларан билгало яра, амма дукха хьолахь дера, оьгIазе хуьлура. (…)

Адамех цIанъеллачу, сингаттамечу эвла юккъехь лаьттара цхьалха висина ши стаг. ДIатесначу цIенойх Iенаш, бодане гIайгIа яьржара. Цхьаьннан божалахь латкъаме гIийла уьстагIий а, эвлайистехь, мацалла эса Iоьхуш а хезара. Цхьаъ лартIехь доцийла хууш, цIера жIаьлеш а собар кхачийна летара. Цхьаьннан кех иккхина цициган можа кIорни а, цеце гуонаха а хьаьжна, хиллачух ца кхеташ, адамашна тIедеана, хур деш, ловзарца, воккхачу стеган боьхачу эткех хьекхалора. ТIемаш тоьхна боргIал а зевне кхайкхира, кхин масех аз а цуьнан гIо лоцуш хезира.

– Цанка, хьо мукъане дIа хIунда ца вахана? – тийналла йохийра ГIойсама.

– Сан ваха меттиг яц, – бIаьргех дохку стаммий куьзганаш нисдеш, кечйинчу Iасанна тIевазлуш, къаьхьа велааьшна, – элира воккхачу стага.

– Муха яц, кIант ма ву хьан, гергара нах а? – те ца туьгура Дациев.

– Сайн дехачу дахарехь масийттазза со винчу кхерчах вала дезна сан, амма даима а лаамаза, чуьрадаьхначу  куьйгашца.

– ХIинца ворта чуьраяккхаре хьоьжу хьо?

– ХIан-хIа, хIинца сан кхера хIумма а дац. Сан кхолламах воьзна а стаг вац. Со хIинца кхабархо вац, ткъа мацах, сан бага хьаьжна тхан дерриге а тайпа дара, ницкъ кхочуш, вала бакъо яцара сан… ХIинца суна бен-башха а дац, – бендацараллица куьг ластийра воккхачу стага, – хийрачу махкахь, куьйга мукъа воцучу хенахь, сайн махкахь валаре, ГIазотан кешнашка дIаверзаре сатийсина ас. ХIинца хан кхаьчна моьтту суна.

– Сих ма ло хьо, Цанка, дийна воллушехь, дIаверза, – воккхачу стеган дог айдан гIоьртира ГIойсам, – вай-м хIинца а дехар дай…

– Бакъду иза, – ца ваьлла велавелира воккха стаг, – со-м хIинца а хьан ловзаргахь Iен везаш ву.

ГIойсам доглазаме велакъежира, цуьнан юьхьа тIе зовкхечу дикаллин  моха хьаьдира.

– Цхьана-шина баттахь цIа дина вер ву со, тIаккха нускал схьашаршор ду, – воккхачух озавалар доцуш, бохура цо, – селхана яккхий тоьпаш чуетташ, сайн цIенна кхетарна кхоьруш, вегош, чохь са дацара суна. Цкъачунна кIелхьара вели.

– Бакъду, ГIойсам, – тIетайра Цанка, – хьан цIа латта дезаш ду, кху дуьнен тIехь цхьанна доьгIнехь, ирсе хила хьакъ ву хьо. Собар де, ахь, тIом дIаберзийта, ас цхьаьнатухур ду шуьшиъ. Оьшуш дац цIа дина даларе хьежа. Шена дезачу кепехь хIусамнанас дIадерзийча бакъахьа ду. Яха эвхьаза хир ду.

– Нийса ду, нийса, – догцIенчу веларца тIетадора ГIойсама. Ткъа воккхачу стага, ца вешаш я баккъал а боху ца къаьсташ, шен къамел кхидIа а дора:

– ХIун ду дан а? Маса шо ду хьо цуьнга хьоьжуш Iаш волу? Ткъа кхунна – керла цIа деза! Муха мегар ду иштта?! Хьо санна кIант, кху махкахь лехча а карор вац… Ша де цIа а, ков-керт а леладе, бераш а кхиаде. Пайдехь хир ду, жимма воча ялахь бен, кIадда а хир дац.

ГIойсам воьлура. «Бераш» боху дош хезча, эхь хетта, дIавирзира и. Воккха стаг цуьнан деган кIоргенан лаамашка кхаьчнера.

Кхин а дехха хиндерг дийцира Арачаевс. ЦIеххьана, аренашна юьстаха, генарчу лаьмнашкахь цхьалха эккхар хилира. Ший а тохавелира, метта веара. Дог ца хьоьстучу бакъдолчо яххьаш кхолийра.

 

Оьрсийн маттера гочйинарг – Т.САРАЛИЕВА

 № 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: