
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 72 шо кхочуш хиларна лерина рогӀера беркате болх дӀабаьхьна Соьлжа-ГӀалахь — схьайиллина 2 хьуьжар: 1️⃣Шайх Мансуран кӀоштахь (200 сов меттигна лерина); 2️⃣БойсгӀаран кӀоштахь (150 меттигна лерина).
Ший а хьуьжар Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах йина йу.
Уьш схьайелларехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада а, кхечара а.