
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 72 шо кхочуш хиларна а лерина, БердкӀелахь схьадиллина керла 16 цӀа.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах йина хӀусамаш йу уьш.
Цул сов, мискачу а, хӀусамашца хьашто йолчу а доьзалшна дӀа а йелла уьш.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, керлачу хӀусамашна коммуникацеш а тӀейалийна, чохь мел оьшу хьелаш а кхоьллина.
Нохчийчоьнан Мехк-Ден тӀедилларца а догӀуш, доьзалшна керла хӀусамаш дӀайаларехь дакъалаьцна А-Хь.Кадыровн цӀарахчу «Путь» ТРК-н директора А.Шахидовс, НР-н Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун гӀовса З.Истамуловс, Устрада-ГӀалин мэра И.Масаевс.