
Спортан а, кегийрхойн а цӀийнехь жамӀаш дина ненан маттахь йешаран «Мотт — къоман са» къовсаман.
Нохчийн меттан шеран гурашкара иза, кегийрхойн «Ахмат» боламца цхьаьна, Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос вовшахтоьхнера.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 72 шо кхачарна леринчу цигахь 15 сов дакъалацархо йара.
Жюрин сацамца а догӀуш, къовсаман жамӀаш иштта нисделла: 1️⃣-ра меттиг — Абдулаева Раяна; 2️⃣-гӀа меттиг — Эдилова Марем; 3️⃣-гӀа меттиг — Таава Элина.