Яздархочух дош

Усманов Iарби, Россин Яздархойн союзан  декъашхо, Нохчийн Республикин  культурин  хьакъволу белхахо:

– Ибрагимов Канта литературехь, барам боцуш, жигара  къахьоьгуш яздархо ву. Нохчийн Республикин  Яздархойн союзан куьйгалхо велахь а, иза дика лараво шен кхоллараллехь кхиамаш баха а. Цуьнан цхьа книга араяьлла ялале, иза ешна  валале, рог1ера роман гучуйолу.

Нохчийн чолхечу историца йоьзна  а йолуш, цо язъеш йолу романаш шайн чулацамца  цхьатера йоцуш, ешархочуьнга ойла  йойтуш а, цуьнан иэс а, синмехаллаш  а карзахйохуш а хуьлу, цхьаерш, и истори санна, чолхе  а йолуш.

Иза Ибрагимов Канта пох1ма долуш яздархо хиларан билгало ю аьлла хета.

IMG_2904

Саралиева Табарк, Нохчийн Республикин  хьакъйолу журналист, «Ведучи» газетан коьрта редактор:

– Кхеташ ду, цхьаццаболчу яздархойн дерриге а кхоллараллин дахаран  некъ хуьлу Ибрагимовн дуьххьарлера «Чекхбевлла тIемаш» роман санна, ткъа Канта, воггIушехь, нохчийн къоман бIешеран исторехь «Чекхбевллачу тIемийн» жамIдарца веара литературе. Цул тIаьхьа араевллачу романашна тIехь а, ша юьхьарлаьцначу темина хьанал волуш, кхечу тематикин хиламех ка а ца етташ, тIемаша кхуллучу керлачу тIемаша дуьненан философин бух: дахар –Iожалла – дахар хилар чIагIдеш чекхволу иза.

Вай дехачу заманан хиламашка, кхиамашка, адамийн юкъараллин кхетаме хьаьжча, Ибрагимов Канта нохчийн къомах волу дуьненан яздархо хилар цхьа а шеко яц. Иштта тIегIа наггахь волчунна бен ца доьгIна. Цундела, теша лаьа, хьогIечу нахана дийца дуккха а эладиташ дитина, кхин ши шо далале, Кантас кхин цхьаъ керла роман арахоьцург хиларх.

Арсанукаев Муса, Россин Яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист:

– Хилла ваьлла говзанча санна веана иза литературе. Дуьххьарлера цуьнан роман «Чекхбевлла тIемаш» («Прошедшие войны») ешархоша, вайн республикехь хилла ца Iаш, дуккха а кхечу регионашкахь а дика тIеийцира. ХIетахь дуьйна книгаш езархошна дика евзаш ю Ибрагимов Кантин цIе. Яздархочо ша язъечу муьлххачу а романехь нохчийн халкъан истори юьйцу, халкъан ширлуш доцу гIиллакхаш, цуьнан культура йовзуьйту.

Халонаш эшош, харцонна дуьхьал луьра къийсам латтош, доьналлех, йохьах ца бухуш, шайн къоман сий ца дойъуш, схьабогIу яздархочун турпалхой. Царах ву Цанка а, историн къона хьехархо Малхаз а, Iилманча Аврора а, дуккха а кхиберш.

Яздархочунна дика девза нохчийн Iер-дахар, историн йохаллехь халкъо бина некъ, цо хьегна баланаш ешархочунна къеггина гайтина цо шен романашкахь. Историн бакъдолчунна тIехь кхоьллина хиларна, Кантин говзарш еша дог догIуш, сиха ешалуш а ю. Цо гойту авторан лаккхара похIма хилар а, меттан таронех цо шен романашкахь шуьйра пайдаоьцуш хилар а.

№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: