Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъара аэропорт дуьненарчу лехамашца йогӀуш хир йу

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъара «Северный» аэропорт дуьненарчу лехамашца йогӀуш хир йу.

Оцу хьокъехь хаам бина Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.

Проектехь коьрта дакъалацархо ларалучу «Смарт Билдинг» компанин а, кхийолчу организацийн а векалшца кхеташо дӀайаьхьна цо.

Депутата билгалдаккхарехь, карарчу хенахь жигара дӀахьош бу аэропорт йаран белхаш.

Кхачамбацарш цахилар а, оьшшучу гӀирсашца кхачо латтош хилар а хаийтина цигахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: