
Вайн махкахь йечу социальни 11 объектан мохкбегоран кхерамзалла лакхайаккхар Ӏалашонехь а долуш, федерацин бюджетера кхитӀе а ахча лур ду Нохчийчоьнна — 1,4 млрд ₽.
Россин Федерацин Премьер-министра Мишустин Михаила куьг йаздина оцу хьокъехьчу сацамна.
И ахча, Россин Федерацин вице-премьера Хуснуллин Марата билгал ма-даккхара, карарчу шарахь йечу социальни цхьамогӀа объекташна хьажор ду.
Церан могӀарехь берийн бошмаш а, ишкол а, ФАП а, физкультурин-спортан комплекс а, и.д.кх.а йу.