Махкарчу ишколашкахь а болх бан йуьйлалур йу «Дневник.ру» сервисаш

«Дневник.ру» сервисаш вайн махкарчу ишколашкахь а болх бан йуьйлалур йу.

2023/2024 дешаран шеран йуьххьехь дуьйна къахьоьгур ду оцу декъехь.

Нохчийчоьнан дешаран а, Ӏилманан а министран Дааев Хож-Баудин а, «Дневник.ру» йукъараллин директоран гӀовсан Моисеев Владиславан а хилла иштта барт.

Министра билгалдаккхарехь, дешаран тӀегӀа дика а, кхачаме а дийр ду терахьан дешаран платформах пайдаэцаро.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: