«Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтар» IV-чу тӀегӀанан орден — Ӏ.Тумхаджиевна

Тумхаджиев Ӏийсана «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтар» IV-чу тӀегӀанан орден йелла.

Нохчийн Республикин 1-ра вице-премьер оцу совгӀатца билгалваккхаран хьокъехь Указ Россин Федерацин Президента Путин Владимира тӀеэцна.

Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина Кадыров Рамзана.

Республикин Мехк-Дас, Коьртачу Буьйранчина баркалла а олуш, оцу совгӀатна Тумхаджиев Ӏийса хьокъала доллуш хиларна тӀе тидам бахийтина.

Цул сов, ша Ӏийса а декъалвина цо оцу хиламца.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: