Р.Кадыров: УкроНАТОвцийн харц-тобанех а леташ, Эльба хине кхача кийча ду

ХӀетахь, фашизмаца къийсам латторехь, Висаитов а ма-кхаччара, укроНАТОвцийн харц-тобанех а леташ, оцу балхана хьашто йелахь, Эльба хине кхача кийча вай а ду.

Иштта дӀахьедар дина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Цул сов, украинхойн халкъ хӀаллакьхиларе а кхуьйсуш, бес-бесарчу демократин цӀарца лечкъаш Ӏамаркан Пачхьалкхан департамент хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

Нохчийчуьра ший а тӀом, Гуьржийчоь, Украинера хьал, дуьненара кхин девнаш Ӏамаркан куьйгаллин лар йолуш хилар а тидамза ца дитина.

Кхечаьрца цуьнан [Ӏамаркан] и ловзарш чекхдевллехь а, Россица иштта хирг цахиларх ша тешаш хилар хаийтина республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: