Да-нана резадар а ду гIазот

Дуккха а халонаш ловш кху хене схьакхаьчна  нохчийн къам. Вайн махкахь дуккха а тIемаш  лаьттина. Къаной, бераш, зударий, кегийрхой – масане бу оцу бохамаша эхарта баьхьнарш? Иштта, махкара арабевлла дуьне мел ду баьржина а бу дуккха а нохчий. И дерриге хууш, кхин и вуонаш махкахь ца хилийта къам лардарехь къахьоьгурш  бу вайна юкъахь, амма, халахеташ делахь а, халкъана тIехIиттина и къиза хенаш тIех хьалхе йицйинарш а бу. Ойла кхоллаяла тарло цхьаволчун: – «Диц муха делла? И дагадогIуш ма ду», – аьлла. Ойлано схьа а лоцуш и дагадагIарх, дицдалар ду-кх и, кхин и тайпа питанаш махкахь ца хилийта, хIорамма а шен дахаран агIо ларъеш ца хилча. Ма-дарра аьлча, дIааьллачух бер санна Iеха а лой зуламе, Дела реза воцучу новкъа волу цхьаверг. Стенна оьшу иза? Эрна шен дегI хIаллак хIунда дойту,  Дала а, наха а неIалт бохучу динан мостагIашна тIаьхьа а хIуттий? Ца хаьа-те оцу цхьаболчарна,  «Исламан  пачхьалкх» кхуллу шаьш бохуш дуьненна а бале бевлла леларш, иблисан пачхьалкх кхолларан некъа тIехь буйла. Iамарко бусалба нехан барт бохо герз а, ахча а латтош, лелош нах бу уьш. Бусалба стагехь къинхетам а, керста стагна Делан дин марздеш, хаза гIиллакхаш а хуьлу. Ткъа, оцу «пачхьалкхехь» болчаьргахь буй-те къинхетам а, я бусалба дин керста нахана хаздеш, ма-барра  цуьнан чам бовзуьйтуш Делан Элчанехь  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хиллачу гIиллакхех цхьа цинц а? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхуш къахьега а ца оьшу. ХIунда аьлча церан къизаллаш дуьненахь евза интернетехула  «YouTube» цIе йолчу видео-роликаш йолчу сайтехь а, кхиболчу хаамийн гIирсашкахь а.  Эвлаяийн зераташ а лоьлхуьйтуш, зударий а, бераш а дойъуш, бусалба нехан машаре дахар дохош лелаш бу уьш. ГIазот иштта ца хуьлу. Кхин цхьа хIума а ду, вайн Iеламнаха дуьйцу сийлахьчу Къуръана тIера схьа, Дала боху бохуш:  «Дегара а, ненера а пурба доцуш бина болу некъ, муьлхха  и белахь а, Ша реза волуш некъ бац».

«Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен асхьабашца (Дела реза хуьлда царна) гIазотехь а волуш, цунна тIевеана хиллера цхьа жима стаг, цо шега а дайтахьара хьайца гIазот аьлла дехна хиллера Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Пайхамара хаьттина тIевеанчуьнга: «Да-нана дуй хьан», – аьлла. «Нана ю шен» аьлла жоп делла цо. «Хьайн нана реза йина веаний хьо кхуза?» – аьлла, Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). «Нана йоьлхуш а йитина, веана со хьоьца гIазотан тIаме хIотта» аьлла, жоп делла цо. ТIаккха, вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна):  «ДIавало хьайн нана а кхобуш, цунна товш дерг а деш Iе, и ду хьуна доккха гIазот», – аьлла, шен цIа хьажийна иза.

Ойла ейша вежарий, йижарий! Да-нана мел деза ду Далла гергахь? Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шеца гIазотан тIаме хIотта веана хиллачуьнга аьллачун ойла ейша! Вайн Iеламнаха дийцарехь бусалба нах кIезиг а хилла шуна цу хенахь, керстанел а. ГIазотехь тIом беш цхьаъ кхетта а шайна  юкъакхетар мехала а хилла шуна царна. Амма, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Хьайн нана реза е, и ду доккха гIазот», – аьлла-кх,  гIазоте хIотта пурба ло аьлла шена тIевеаначуьнга. Ткъа вай маца кхета дохку? Яхь, юьхь, гIиллакх-гIуллакх а долуш мерза даьхна къам  ма дара вайниг. Вешан дайша дитинчу хазачу гIиллакхашца даха Iама дезара вай.  Ца хуург хатта  баккхий Iеламнах  бу вайн махкахь, хIора  денна телевизорчухула, радиочухула,  зорбанийн гIирсашкахула  дуьйцу вайна нийса некъ муьлхарг бу а, зуламан дай муьлш бу а.

Кхин цхьа лазаме хIума а хьахо луур ду суна вайн къомана юкъахь даьржина долу. Даима цу хьокъехь дийца а дуьйцу вай. Корта бахош долу молханаш, кIомал,  кхийолу наркотикаш  яьржина вайн махкахь. Цара хIаллакбеш бу вайн цхьаболу кегийрхой. Меттигаш хааелла корта бахо молханаш а мийлина, шаьш хIун леладо а ца хууш, кхечу мехкашка тIом бан боьлху бохуш кегийрхой арабевлла. Бакъдерг аьлча,  телхинарг бен-м гIазот ду бохуш иблисан эскарна юкъа ваха гIертар а вац.

Тахана вайна гуш ду-кх вешан махкахь долу башха сурт. ДIахьовсийша хIокху республикин муьлххачу а гIала, юьрта! ТIеман цхьа а лар йоцуш исбаьхьа бу вайн мохк. Дала Шен къинхетам бина-кх вайх. Ламазаш де, марханаш кхаба, бусалба а хилий даха, бохуш Iаш ву вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Хьан ца дуьту вай даха? Маца хилла вайна дин лело хIоккхул маршо а, аьтто а? Вайн махкахь дина хаза маьждигаш а тоьар ду кхин хIумма а ца хилча а. Вайгахь дерг даха гIортар ду. Дала нийсачу некъа тIехь нисдойла вай, бертахь ирсе дахар а хуьлуьйтийла вайн!

МАТАГОВ Исхан

 № 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: