«Нохчийн мотт — къоман са» цхьаьнакхетарш кхиндӀа а дӀадахьаран гӀуллакх айъина

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада хӀоттийнчу планаца жигара белхаш дӀахьо «Даймохк» газетан редакцин векалша.

Муниципалитеташкахь а, тайп-тайпанчу хьукматашкахь а «Нохчийн мотт — къоман са» цхьаьнакхетарш дӀадахьар а ду царах.

Уьш кхидӀа а дӀадахьаран гӀуллакх дийцаре дина тахана газетан редакцехь.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара билгалдаьккхира хӀора а цхьаьнакхетар нохчийн меттан хазаллина а, йукъараллехь цо лелочу маьӀнина а лерина хила дезар.

Гулбеллачу кхечара а бовзийтира оцу хьокъехь болу шайн хьежамаш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: