Нохчийчоь кечлуш йу дешархошлахь шахматийн чемпионат дӀайахьа

Дешархошлахь шахматийн чемпионат дӀахьур йу Нохчийн Республикехь.

3 муьрехь хир йу иза:
1) ишколийн мур (товбецан 20-чохь дӀаболор бу);
2) муниципалитетийн мур (эсаран 18-чохь дӀаболор бу);
3) республикин мур (лахьанан 26-27-чуй деношкахь дӀахьур бу).

Дакъалацархой 2 декъе бекъалуш хир бу:
1) 1-6-чу классашкара дешархой;
2) 7-11-чу классашкара дешархой.

Дешаран а, Ӏилманан а, Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоша гӀо а деш, и Чемпионат вовшахтухуш Нохчийн Республикин Шахматийн федераци йу.

Толаман а, совгӀаталлин а меттигаш йаьхначу дакъалацархошна кубкаш а, мехала совгӀаташ а лур ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: