
Гуьйренан-Ӏаьнан муьрана кечамбаран болх 75,5%-на дӀаберзийна вайн махкахь.
Иза билгалдаьлла ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Карарчу хенахь оцу муьрана кийча ду дукхапетарийн 1 660 цӀа, 4 537 км хин биргӀанаш, хи дӀасадаккхаран 576 км биргӀанаш, йовхонан сетийн 183 км биргӀанаш, канализацин насосийн 45 станци, хин насосийн 22 станци, йовхонца кхачойаран 25 туш, и.д.кх.а.