
Россин Кубкан гурашкахь сихачу шахматийн а, блицан а рогӀера ловзарш дӀадаьхьна хӀокху деношкахь.
ГӀирмерчу Евпаторехь долчу оцу ловзаршкахь дакъалоцуш вайн мехкан 3 векал вара: 1) Бимиев Ахьмад, 2) Яндарбиев Руслан, 3) Саидов Билухьаьж.
Сихачу шахматийн турнирехь 55 дакъалацархо вара.
Цигахь Саидов Билухьаьжа 7-гӀа меттиг йаьккхира, ткъа Бимиев Ахьмада — 3-гӀа меттиг.
Ветеранашлахь ловзачу Яндарбиев Руслана толаман меттиг ГӀирмин векалца йийкъира.
Цул сов, 64 дакъалацархо волчу блиц-турнирехь а дакъалоцуш хиллачу Саидов Билухьаьжа 5-гӀа меттиг йаьккхира.