Кечамаш бо юьртан бахамна хьесап дарна

Нохчаша даима а лелийна даьхни. Цунна тоьшалла до дIаяханчу заманан дийцарша а, къанойн къамелаша а. Хьалха санна дукха бацахь а, хIинца а бу вайн махкахь дуккха а бахархой даьхни а, латта а лелош. Ткъа мел бу-те вайн республикехь иштта бехаш болу бахархой?  Юьртан бахаман хьал а муха ду-те вайн? Иза цкъачунна билггал хууш дац, хетарехь дийцар бен. Оцу хаттаршна билггал долу жоьпаш карор ду 2016-чу шарахь.

2016-чу шеран 1-чу июлера 15-г1а август кхаччалц дIахьур долуш ду Ерригроссин юьртара бахамаш дIаязбар. И хан генахь яра аьлла ца Iаш, оцу гIуллакхна хIинцале а кечамаш беш бу Пачхьалкхан статистикин органийн белхахой. Цу тайпа болх дIахьош бу вайн республикин массо а районехь. Шелан районехь юьртара бахамаш дIаязбарна кечамаш барна тIехь леррина терго латтайо районан Пачхьалкхан статистикин органан куьйгалхочо Миназов Вахас. Районан администрацин куьйгаллех дага а бовлуш дIахьо цара и белхаш. Оцу гIуллакхана кхоьллина комисси ю. Комиссин декъашхой бу Шелан районан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела (комиссин председатель), Шелан муниципальни районан Пачхьалкхан статистикин органан куьйгалхо Миназов Ваха (председателан заместитель), оццу органан юкъарчу отделан говзанча Мадагова Марха (комиссин секретарь), иштта кхиберш а. Верриге а 26 декъашхо ву.

Цара шайна хьалха лаьтта декхарш Россин Федерацин Конституцица а, Федеральни законашца а догIуш кхочушдан дезаш ду. 2016-чу шеран 1-чу июлехь уьш кийча хир бу Шелан районан юьртара бахамаш мел бу хаархьама хьесапдаран белхаш дIаболо. Цара и белхаш дIабирзинчул тIаьхьа районехь маса бежана, котам ю а, юьртан бахамах дуккха а кхидерг терахьашца довзуьйтур ду.

М.ИСХАНОВ

 № 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: