
Кадырова Ӏайшат билгалйаьккхина «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтар» орденан II-чу тӀегӀанан мидалца.
Иштта сацам бина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Оцу хьокъехь долу Указ зорбатоьхна Бакъонийн хаамийн pravo.gov.ru порталехь.
Даймехкан культура а, искусство а кхиорехь хьуьнарш гайтарна а, дуккха а шерашкахь кхоллараллин декъехь къахьегарна а дина совгӀат ду иза.
2021-чу шарахь дуьйна Кадырова Ӏайшата Нохчийн Республикин культурин министерствона куьйгалла деш хиларна тӀе тидам бахийта богӀу.