Некъан боламан бакъонийн къепе ларйеш йац керла камерш

Соьлжа-ГӀалин урамашкахь керла-керла гучуйуьйлуш йолу камерш (транспортан детекторш) некъан боламан бакъонийн къепе ларйеш йац.

Хаамийн «Грозный-Информ» агентствона оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министерствос.

Ма-дарра аьлча, транспортан хьекъалечу системина (ИТС) йукъайогӀуш хир йу уьш.

Карарчу шарахь и система дӀахӀотторан гурашкахь боккха болх беш бу Соьлжа-ГӀалахь:
➜55 светофор тойар;
➜транспортан 50 детектор хӀоттор.

Транспортан хьекъалечу системах пайдаоьцуш Некъан боламна урхалдаран туш хир йу.

Цуьнан Ӏалашонаш дуккха а йу:
➜некъашкара хьал таллар;
➜некъан бохамашна сихонца тергойар;
➜йукъараллин транспортан болх тидамехь латтор.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: