
Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГӀалас пачхьалкхан совгӀатца билгалваьккхина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Билггал аьлча, цунна йелла «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтаран» IV-чу тӀегӀанан орден.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, пачхьалкхан маьӀне гӀуллакхаш кхочушдарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а дина совгӀат ду иза Таймасханов ГӀаласна.