Россин бусалбанийн лаккхара совгӀат дина Несин Айманина

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана Несин Айманина Россин бусалбанийн лаккхара совгӀат дина — «Аль-Фахр» орден йелла.

Цунна иза йаларан хьокъехь сацам бина Россин Федерацин бусалбанийн урхаллин куьйгалхочо Гайнутдин Равила.

Хаамехь билгалдаьккхина ма-хиллара, доьзалан а, ноналлин а ламасташ йукъараллехь даржорна а, гӀоьналлин декъехь дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а дина совгӀат ду иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: