Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Республикин денца махкахой декъалбина

Республикин денца махкахой декъалбина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо тӀе тидам ма-бахийттара, мехкан коьртачу дезденойх цхьаъ ду таханлера дезде.

«Башха де а, башха терахь а ду тахана — вайн халкъ цхьаалла а, барт а болуш хилар гойту хӀокху дийно», — йаздина нохчийн Мехк-Дас.

Иштта, 2002-чу шарахь и дезде дӀакхайкхийнарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар а хаийтина цо.

«Йукъараллехь цхьаалла хиларо республикин кхиарна беркате Ӏаткъам бийриг хиларх кхеташ вара иза», — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.

Цул сов, цхьаалла а, барт а гойтучу нохчийн халкъана даггара баркалла а аьлла цо.

«ТӀейогӀучу хена чохь а вайн кхиамаш хирг хиларан тоьшаллин чӀагӀо йу халкъан цхьаалла. Иштта Ӏалашонаш вай йуьхьарлаьцна а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин векалша кхочушйийр йолуш а йу», — дерзийна шен декъалдаран кост Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: