Мариуполехь, тодина а даьлла, схьадиллина коьрта маьждиг

Донецкан Халкъан Республикерчу Мариуполехь, тодина а даьлла, схьадиллина коьрта маьждиг.

Иза меттахӀотторан гӀуллакхаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дӀадаьхьна.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, иза схьаделларехь дакъалоцуш Нохчийн Республикера делегаци а йара.

Церан коьртехь вара вайн мехкан Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: