
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехула пассажираш дӀасалелар 39%-на алсамдаьлла.
Карарчу шеран 8 баттахь цигахула дӀасавахана 572,8 эзар пассажир.
Цул сов, оццу муьрехь 2,9 эзар рейс а йина аэропортехула.
Даханчу шеран оццу муьрерчу терахьца йуьстича, 23,9%-на уьш алсамйовлар билгалдолу.
Киранаш дӀасадахьар а кхиаран тӀегӀанехь ду — 8 баттахь дӀасадаьхьна 928 тонна кира.