Кадыров Рамзанна а, Несин Айманина а баркалла аьлла ГӀезалойчоьнан Муфтис

Мариуполера (ДХР) коьрта маьждиг меттахӀотторца а догӀуш, Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана Несин Айманина а баркалла аьлла гӀезалойн мехкан Муфтис Самигуллин Камила.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу фондан чоьтах меттахӀоттийна и маьждиг схьаделларехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, ГӀезалойчоьнан Муфтис Самигуллин Камила а, кхечара а.

Цара массара а билгалдаьккхина и маьждиг меттахӀоттор Мариуполь гӀалина а, меттигерчу бусалбанашна а боккха хилам хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: