
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь (СВО) шайн лаамехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортера.
Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь.
Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.
Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькама Делимханов Шарипа, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министран декхарш ханна кхочушдечу Ирасханов Аслана, кхечара дакъалаьцна лаамхой новкъабахарехь.