
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Иэсан мемориалан комплексехь дӀаболийна «XXI Турпалхойн чкъор» проектан болх.
Цуьнан гурашкахь довзуьйту белхан декхарш кхочушдарехь 150 бӀаьхо-турпалхочунна даьхна суьрташ.
ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхошна лерина а, тӀекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорна тӀехьажийна а йу и проект.
Иштта, оццу проектан гурашкахь цхьамогӀа гайтамаш дӀабахьа а лерина.
Иштта, оццу проектан гурашкахь цхьамогӀа гайтамаш дӀабахьа а лерина.
Оцу гайтамашкахь бовзуьйтур бу Луганскан а, Донецкан а республикашкахь а, Херсонан а, Запорожьен а областашкахь а хьуьнарш гайтина вайн бӀаьхой.
3 гӀалахь а, 10 кӀоштахь а дӀахьур бу и гайтамаш. Дешархойн а, студентийн а (2 600 стаг) аьтто хир бу цаьрга хьовса.
«Росмолодежан» грантийн гӀоьнца кхочушйеш йу и проект.