Кху деношкахь Урдунан (Иордани) пачхьенехь Iамман гIалахь цигарчу нохчийн а, Къилбаседа Кавказан кхидолчу къаьмнийн а диаспорийн векалш, цхьаьна марха а достуш, вовшахкхийтира. Марха дастар вовшахтоьхнера А.-Хь.Кадыровн цIарах йолчу нохчийн регионан юкъараллин фондо.
Цхьаьнакхетар дIадаьхьира Iамманехь йолчу Зударийн гIоьналлин юкъараллехь Нохч-гIалгIайн доттагIаллин юкъараллин гIоьнца. Кхуза баьхкинчу ларамечу хьешашна юкъахь вара Iамман гIалин мэр Халед Абу Зед, Урдунан Лакхарчу Парламентан векал Мунир Суобра (чергази), Лахарчу Парламентан векалш Тамир Бено, Мерза Булад (нохчий), Урдунехь инарла, министр лаьттина волу Нохч-гIалгIайн доттагIаллин юкъараллин куьйгалхо Самахь Бено, Шемарчу нохчийн векал Ратиб Зандакъи, иштта кхиберш а. Цхьаьнакхетаран координатор вара РФ-н Федерацин Кхеташонан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместитель Зияд Сабсаби. Верриге а 350 герга стаг вара гуламехь дакъалоцуш.
Дан амал доцуш, Шемара схьакхелхина 170 сов доьзал бу Урдунехь. А.-Хь.Кадыровн цIарахчу фондо царна гIо до кхоалгIа шо ду. ХIара цхьаьнакхетар а царна лерина вовшахтоьхна дара. Оцу доьзалех кхоалгIа дакъа – Дагестанан къаьмнийн векалш бу, кхойтта доьзал гIалгIайн къомах бу, иштта Къилбаседа Кавказан кхидолчу къаьмнийн векалш а бу царна юкъахь. Царна чохь Iен меттиг а, оьшу молханаш а хуьлуьйту, берашна деша таронаш а кхуллу фондо. ТIаьхьарчу хенахь кхийолчу дуьненаюкъарчу организацеша деш долу гIо лахдалар бахьанехь, нохчийн региональни фондо дечух доккха накъосталла хуьлу оцу доьзалшна.
Марха даьстина, Iер-дахарх къамелаш деш дикка Iийра гулбелларш. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех довха дешнаш аларца а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна баркалла аларца а бистхилира царех дуккха а. Вайн газетехь дукха хан йоццуш вовзийтинчу Урдунерчу нохчичо Бакир Iабдул-Хьамида ненан меттан дозаллах лаьцна дийцира. Иштта, ша нохчийн маттахь язйина байташ а йийшира цо. Цхьаьнакхетар дерзош, Шемарчу нохчаша Кадыров Рамзанна шаьлтанца совгIат дира.
А.МУСАЕВА
№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо