
Бизнесна а, бюджетан организацешна а автоматизаци йаран декъехь тоьллачарах ларалуш йу «Тандем ИС» IT-компани.
Цуьнан коьртачу директоран А.Иваницкийн а, Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан ректоран М.Минцаевн а цхьаьнакхетар хилла.
Пайдечу хаамийн технологийн институтан (ИПИТ) директор Э.Алимсултанова а йара цигахь дакъалоцуш.
ГӀуллакхаш берттахь даран агӀонаш йийцаре йина оцу цхьаьнакхетарехь.
Цул сов, «Тандем ИС» компанин система Мехкадаьттан университетан дешаран балхана йукъаозорна тӀе а леррина тидам бахийтина.