
Гуьмсан а, Невран а, Шелан а, Хьалха-Мартан а кӀошташкарчу йарташкахь дӀахьочу харжамашкахь жигара дакъалоцуш бу меттигера бахархой.
Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Харжамийн комиссис.
Цул сов, кхажтасарна кечйина а йолуш, 8 йуьртахь тахана болх беш 20 туш хилар а хаийтина Харжамийн комиссин векалша.
Оцу туьшашкахь кхачамбацарш цахиларна тӀе а тидам бахийтина.
ХӀокху йарташкахь дӀахьош бу харжамаш: 1) Жалкха, 2) Гал-ГӀала, 3) Новотерски, 4) Гихта, 5) ГӀойтӀа, 6) Эвтара, 7) ЭгӀашта, 8) Жима-АтагӀа.