
Россин Федерацин субъекташкахь а санна, Нохчийн Республикехь а дӀахьур ду кхана кхажтасаран цхьааллин де.
Цуьнца а догӀуш, Гуьмсан а, Шелан а, Невран а, Хьалха-Мартан а кӀошташкахь хир бу меттигерчу тӀегӀанан харжамаш.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, бахархоша харжамашкахь дакъалоцуш 8 йурт хир йу: 1) Жалкха, 2) Гал-ГӀала, 3) Новотерски, 4) Гихта, 5) ГӀойтӀа, 6) Эвтара, 7) ЭгӀашта, 8) Жима-АтагӀа.
Цигарчу бахархошка харжамашкахь жигара дакъалацаре кхайкхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.