
Нанас шена динчу диканна дуьхьал кхачам боллуш баркалла аьлла цхьа а вер вац.
Telegram чуьрчу шен каналехь иштта йаздина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
«Ненан йовхо йовза сан аьтто бинчу Веза-Воккхачу АллахӀана бу хастам! Цунна йуххехь суо уггаре а ирсе адам хета суна, дог синтемехь хуьлу», — йаздина республикин Мехк-Дас.
Цул сов, цо тӀе тидам ма-бахийттара, берийн дуьхьа бохуш, муьлхха а халонаш ловш бу наной, цундела хьахийна бу уьш Къуръана чохь а, нана башха, шатайпана меттиг дӀалоцуш хилар билгал а доккхуш.
«ДоттагӀий, ларбелаш дай-наной! Хан хьуо цаьрца, совгӀаташ де царна, къамелаш де цаьрца, ладогӀа цаьрга», — олуш, шен кост-кхайкхам берзийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.