Гал-ГӀалин латтанех дӀатухур йу Корнеевн-КӀотар

Селханлерчу кхажтасаран цхьааллин дийнахь Невран кӀоштарчу Корнеевн-КӀотарахь а дӀадаьхьна кхажтасар.

ХӀинццалц Новотерски йуьртана йукъайогӀуш хилла Корнеевн-КӀотар Гал-ГӀаланах дӀатохаран хаттар дара меттигерчу бахархойн кхиэле диллинарг.

Оцу кӀотарна гуобаьккхина долу латтанаш Гал-ГӀалина йукъадогӀуш а долуш, ша и кӀотар Новотерски йуьртана йукъайогӀуш хиларца доьзна дара и кхажтасар дӀадахьар а.

Цуьнан гурашкахь дакъалаьцначу бахархойх 41 стаг (78,85%), «ХӀАЪ» а олуш, шайн кӀотар Гал-ГӀалин латтанех дӀатохарна реза хилла, ткъа 11 стаг (21,15%), «ХӀАН-ХӀА» а олуш, реза ца хилла.

Иштта хаамаш бовзийтина Нохчийн Республикин Харжамийн комиссис.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: