Вайн махкахь схьайиллина Беларусерчу сурсатийн туька

Беларусерчу сурсатийн хьалхара туька схьайиллина вайн махкахь.

Республикин промышленностан а, энергетикин а министра Хакимов Адама бина оцу хьокъехь хаам.

Цо билгалдаккхарехь, 45 шарахь къахьоьгуш а йолуш, Беларусехь трикотажан сурсаташ даран предприятех тоьлларг ларалуш йу «Свiтанак» йукъаралла.

Йуьйцучу предприятис арахоьцуш долу доьзалийн духарш а, хӀусамийн сурсаташ а ду керлачу туькана чохь духкур долуш.

Министра хаийтарехь, вайн махкахь ишттачарах кхин а 3 туька схьайеллар ду Ӏалашонехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: