
Нохчийн Республикин Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа билгалваьккхина Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Сийлаллин грамотица.
Динийн а, къаьмнийн а йукъаметтигаш цхьаьнатáран декъехь доккха дакъалацарна дина совгӀат ду иза.
Межиев Салахь-Хьаьжа цуьнца декъала а веш, Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
«Деза совгӀат даларца Межиев Салахь-Хьаьжа даггара декъалво ас», — йаздина Нохчийн Мехк-Дас.
Цо билгал ма-даккхара, Нохчийчоьнан бусалбанийн урхаллин куьйгалла а деш, нохчийн йукъараллехь Ислам-дин даржоран декъехь жигара къахьоьгуш ву иза.
Цул сов, Нохчийчохь а, Россехь а, кхиболчу мехкашкахь а гӀоьналлин проекташ кхочушйарехь нохчийн Муфтият а жигаралла гойтуш хиларна тӀе тидам бахийтина Кадыров Рамзана.