ЦIерш йийлар лахделла

Карара шо доладелчахьана вайн республикехь 204-зза цIеялар нисделла. МЧС-н белхахоша 79 адам кIелхьардаьккхина, царех 18 бер ду. 49 миллион соьман хила тарлуш долчу зенах бахархой хьалха а баьхна.

Бакъду, ц1е латорехь ларъян езаш йолу бакъенаш цаларъяр бахьана долуш, шина стеган кхалхар а нисделла, 5 миллион соьман зен а хилла.

Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин хьаькама Яхъяев Руслана шен къамелехь билгалдаьккхира цIерш дукха хьолахь адамаш бехке долуш йовлуш хилар.

«Вайна ма-хаъара, республикин бахархошца кест-кеста ц1е яларх лардала 1аморан профилактикин  белхаш беш ду тхо. И  бахьана долуш чекхдаьллачу шарахьчул цIеяларш лахделла Нохчийн Республикехь. Республикин бахархошна шайна хIумма а хир дац олий хета. Цара тидам ца бо чохь болчу газан а, электрически а г1ирсаша бечу белхан. Ткъа оцу г1ирсаша ледара болх бар бахьана долуш, хийла цIе яьлла меттиг ю. Цуьнан терго еш хила деза вай. Лардала деза», – элира Яхъяев Руслана.

Цул тIаьхьа цо билгалдаьккхира  шайна бахархошца профилактика яран белхашна тIехь гIо-накъосталла деш тайп-тайпана министерствош а, ведомствош а, юкъараллин организацеш а, Iелам нах а, иштта шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой а хилар.

 

А.АБДУЛАЕВ

№ 76, еара, 9 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: