Четарийн спортан дуьненайукъара къийсадаларш дӀахьур ду РУС-хь

Четарийн спортехула йолчу Россин Кубкан финал дӀахьур йу тӀебогӀучу беттан 1-8-чуй деношкахь.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина йолу иза Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь хир йу.

Цул сов, Россин Кубкан финалаца цхьаьна, циггахь дӀахьур ду четарийн спортан дуьненайукъара къийсадаларш а.

Нохчийчуьрчу а, Россерчу а, Беларусерчу а, Казахстанерчу а, Чинерчу а, Къилбе-Африкин Республикерчу а спортхоша дакъалаца тарлуш ду цигахь.

Къийсадаларш дӀадахьаран майда, ламасте дирзина ма-хиллара, «Goodsky» туш хир йу.

Дакъалацархой дӀайазбар карарчу беттан 29-гӀа де кхаччалц лаьттар долуш ду.

Россин спецназан университета а, Россин четарийн спортан федерацис а, «Goodsky» туьшо а, Нохчийчоьнан Правительствос а вовшахтухуш болх бу иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: