
Кишин Кунта-Хьаьжин цӀарахлера Россин Исламан университет тойаран белхаш дӀабирзина.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, и гӀуллакх шена тӀелаьцнера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
Бинчу белхийн хьокъехь аьлча, тхов а, кораш а, арарчу пенийн куц-кеп а хийцина.
Цул сов, гуонахара майданаш а тойина цигахь.
Тидамза ца йитина машенаш дӀахӀуьттийла а.